Къилбседа-малхбузера Пакистанан Баджаур тукхаман областерчу 14 шо даьлла бера дийцарехь, иза лаьцнера талибийн ницкъаша, шех террорист-валархо ван г1ерташ.
Лахахь ялайо юьззина, ма ярра йоллу Би-Би-Си корреспондентаца хилла отчёт:
Баджаури юьрта 5 стаг веара. Цара со 1еха а вира, сан ден корта баккха дохку шаьш аьлла.
Со цаьрца д1авахара, амма да цигахь вацара. Цара со д1авихкира.
Цара элира: "Хьан ши харжам бу. Оха я хьан корта боккху, я хьо террорист-валархо хуьлу".
Со дуьхал велира.
Цигахь сан хенара кхин ши к1ант а вара. Уьзаш террористаш-балархой хила 1амош бара. Нагахь дуьхьал девлча, цара тхан куьйгаш букъа т1еха д1а а дихкина, еттар яра тхуна.
Цара тхо 1ехош элира, тхо ялсамане г1ур ду. Цара бахара "цигахь моз а, сок а хир ю, Аллах1 гур ву шуна. Шун ялсаманехь хаза ц1а а хир ду".
Оха цаьрга ламаз дайта тхоьга элира. Цара жоп делира: "Шу ялсамани новкъахь ду, шуна ламаз оьшуш дац".
Цара 5 дийнахь ч1ог1а йиттира суна. Цхьа тайпа юург а ца лора. Цара етташ, со реза хилира террорист-валархо хила. Цара со кхечу берашна юкъара д1аваьккхира.
Цара со бодане ц1а чу а валийна, суна таблеткаш яла йолийра. Со Маулви Факире [Баджауран Талибан командир] д1авелира. Цул т1аьхьа цара соьга элира маьждиге а г1ой болх бе.
Иза муьлх-мулхха а дерг санна маьждиг дара, амма моллано Талибанна дуьхьал къамел дора, ткъа цара иза шайн мостаг1а ву аьлла д1а а кхайкийра. Цара соьга элира и молла 1еса ву, иза бусулба вац.
Цара суна т1ера коч а яьккхина, белшаш т1е жакет оьллира. Цигахь некха т1ехь ши ч1уг яра. Цара элира - Хьо цига ма кхаьчча ала: "Аллах1у Акбар" (Аллах веза ву), т1аккха и ши ч1уг схьаоза. Цара со цига д1а а вигна маьждиг гайтира, т1аккха д1абахара.
Со ч1ог1а наркотикийн балхана г1адвахана а, кхин х1умма а хаалуш вацара. Со кхетам чу веара маьждиг чу ваьлча. Суна гира машаре тайпа моллин юьхь. Суна гира маьждиг динан книгех дуьззина хилар. Ламаз деш болу нах а гира суна. Сан ойла хилира, уьзаш берриш бусулбанаш бу, аьлла, муха дийр дара аса иза? Ас сацам бира и ца деш аравала.
Со хиъна 1ара маьждигана арахьа цхьана диттана к1ел, ламаз чекхдаларе хьожуш. Цул т1ахьхьа со д1авахара Талибане. Цара т1аккха "жаьлин к1ези" ду хьо, элира, хаттарш а дора и х1унда ца дира ахь, аьлла.
Ас элира, х1унда аьлча массо а чубог1уш болчийн дег1ах хьежара уьзаш. Цара суна т1ера жакет схьа а яккхина со Маулви Факире д1авелира.
Цара со вихкира, ас цаьрга дийхира суна кхин цхьа шанс ло, т1аккха ас иза дийр ду аьлла. Уьзаш сох тийшира. Со цаьрца цхьана шина дийнахь гонах волавелла лийлира. Со новкъа велира, йоьдуш транспорт кхетта, ц1а веара. Уьзаш суна т1аьххье сан ц1а кхечира. Царна хаа лаара, со цигахь ву я цхьанхьа ведда д1авахана.
Талибанa суна ч1ог1а йиттира, сан букът1ехь монаш ду. Сан дена-нанна и гича, нана елха йолаелира, д1а ма г1о цига бохуш. Дас цаьрга хаьттира: "Х1унда даьхкина шу сан к1антана т1аьхьа?" Юха герз эцна царна т1аьхьа вахара. Уьзаш и вен дагахь хиллера, т1аккха цо ц1а а веана не1 д1акъевлира.
Талибаш боцуш тхо парг1ат 1аш дара. Тхо ловза а ловзура, школе а эхара. Тхуна цхьана а х1уманна бехкам бацара, 1уьйранна а, суьйранна тхо ловзара, хевшана 1ара доттаг1ашца хабарш дуьйцуш. Тхуна мобилни телефонашкарчу зурманашка ладог1а а 1еминера. Цара иза дихкинера. Цара доьхку тхуна х1уъа дан а. Цара тхуна дихкина крикетах ловзар а, школе эхар а. Тхуна тхаьш лецначу нахех долчу хьолехь хета.
Суна эскаре ваха лаьа, х1унда аьлча уьзаш тхан латта лардархой бу. Уьш бакъонан г1уллакхехь бу. Суна Талибех лата лаьа. Сан кхин ойла яц, тхешам мохк ларба лаар бен. Талибаш д1абаха безаш бу.
Суна Талибашка ала лаьа, шун болам ч1ог1а къиза бу. Суна цара лелийнарг харцо ю. Соьга ца байало бехк боцу бусулбанаш.
Submissions and suggestions: contact@seventhpillar.net